Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Маданхойн Іораббий, Зиаббий цІе йолу ши баьчча а схьалецира цара. Іораб Іорабан тарх йолчохь вийра, ткъа Зиаб Зиабан кемсийн мутт доккхучу меттехь вийра. Церан кортош, схьа а даьхна, ГадІан волчу Йордан-хил дехьа схьадеара. Сакхатарчу бахархошка ГадІана элира: «Соьца схьабаьхкинчу нахана яа хІума ло. Маданхойн паччахьашна Зебахьний, ЦалманаІаний тІаьхьабевлла лелачу хенахь уьш чІогІа кІадбелла». Зебахь а, ЦалманаІ а ведда дІавахара. Царна тІаьхьаваьллачу ГадІана схьалецира маданхойн ши паччахь. Иштта дерриг а маданхойн эскар Іадийнера ГадІана. ТІаккха Зебахьа а, ЦалманаІа а ГадІане элира: «Схьа а волий, айхьа ве тхойшиъ. Хьоьгахь цу гІуллакхна тоъал ницкъ буй те?» Хьала а гІаьттина, ГадІана, и шиъ вен а вийна, церан эмкалийн кочара мІерий схьадехира.
Выбор основного перевода