Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Саратан ялхочо, мисархочо ХІажара ИбрахІимна винчу кІентан ИсмаьІалан тІаьхье хІара ю. Иштта ю церан цІераш: дуьххьара винарг Набуяти, цул тІаьхьа Къедар, Адбаал, Мибасам, МишмаІ, Дума, Маси, Хьадид, Тейма, Етар, Напуши, Къедима. Уьш ИсмаьІалан кІентийн цІераш ю. Шийтта тайпанан баьччанийн а, уьш баьхначу меттигийн а цІераш а ю уьш. Цул тІаьхьа муабахой а, Іамминхой а, цаьрца цхьаьна цхьаболу маІунхой а ЯхІушаптина тІамца чугІоьртира. ХІинца Іамминхой а, муабахой а, СеІир-ломара бахархой а тхуна тІелеташ бу. Ткъа Мисар-махкара тхан дай арабевлла схьабогІучу хенахь, Ахьа уьш оцу халкъийн мехкашкахула чекх ца бовлийтира. Цундела тхан дай, царах дІа а бирзина, и халкъаш хІаллакдаза дитинера. Ткъа хІинца уьш тхуна бекхам беш бу, Ахьа тхан дола схьаделлачу лаьтта тІера тхо дІалахка а баьхкина.
Выбор основного перевода