Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас и дерриг а исраилхошна дІадийцира, амма цара ла ца дуьйгІира цуьнга шаьш, беза болх беш, доьналла доцуш хиларна. Ас пирІунан дог чІагІдийр ду, тІаккха иза шуна тІаьхьавер ву. Ткъа Сайн сийлалла Ас пирІунехула а, цуьнан эскарехула а гойтур ю. ТІаккха мисархошна хуур ду Со Веза Эла вуйла». Везачу Эло ма-бохху дира исраилхоша. Веза Эла сийлахь тІемало ву, Цуьнан цІе ЯхІува ю. Хьайн оьгІазаллица, хІаллакбай, дІабахахьа уьш. ДІахоийла царна Якъубан махкана тІехь Дела вуйла а, Цуьнан олалла дуьненан йисте кхаччалц дуйла а. Хьо, Веза Эла, дерриг а дуьнен тІехь уггар лекханиг а ву, массо а деланел а кхоччуш лекха а ву. Иштта боху Везачу Эло, Исраилан халкъан Паччахьо а, и халкъ ПаргІатдоккхучо а, массо а ницкъийн Везачу Эло: «Со Дуьххьарлерниг а, ТІаьххьарлераниг а ву, Со воцург, кхин Дела вац. Иштта шу, Якъубан тІаьхьенах дерш, шайн Далла тІедерзийша! Безамца лелийша, нийсо лелаейша, шайн Деле даим сатийсийша!
Выбор основного перевода