Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДІа а дигна, Хьайн цІенна хаьржинчу метте охьахаор ду Ахь и халкъ, Веза Эла, Хьайна хІусам Ахь йинчу метте, Хьайн куьйгашца Ахь кхоьллинчу дезачу ЦІийне! Хьайн куьйгаца халкъаш хІаллакдира Ахьа, ткъа тхан дай баха охьаховшийра Ахьа. Кхечу къаьмнашна зулам дира Ахьа, ткъа тхан дайн аьтто балийтира Ахьа. Сайн Хьомсарчунна илли эр ду аса, Хьомсарчун кемсийн бешах долу илли. Сан Хьомсарчун кемсийн беш яра хьийкъинчу лам тІехь. Берриге а ницкъийн Везачу Элан кемсийн беш – иза Исраилан халкъ ду, ЯхІудан халкъан адамаш Цунна хазахетта йолу таьллангаш ю. Иза нийсо хиларе хьийжира, амма ницкъ бар хилира, бакъдолчуьнга хьийжира, амма бакъонаш йохор хилира. Аса-Айса хьо юьйгІира, тоьлла таьлланг санна, ма тешаме кемсийн хІу дара хьо! Муха хилла хьох вон хьожа йогІу акха а, хийра а кемсийн таьлланг? Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Хьуьнхара кхидолчу диттийн гаьннаш санна, кемсийн таьлланг адамаша цІерга кхуьйсуш ма-хиллара, изза дийр ду Аса Ярушалайман бахархошца. И хІу хьала а даьлла, цунах кемсийн таьлланг хилира, ша шуьйра а йолуш, амма лоха а йолуш. Цуьнан гаьннаш аьрзугахьа хьалаийзалора, ткъа орамаш цунна бухахь дара. Уьш дахделла дІасадаханера, кемсийн таьлланго керла гаьннаш а, гІаш а дІадохура. Хьан нана хийистехь дІайоьгІна кемсийн таьлланг санна яра. Цо дуккха а стоьмаш а, таьллангаш а делира, шена уллохь шортта хи хиларна. Іийса юха а хьекъале дустаршца хьехамаш бан волавелира халкъана: «Цхьана стага кемсаш йийна хилла, гонах керт а йина, кертахь мутт даккха ор а кечдина, Іуналлина бІов а хІоттийна. Уьш лело белхалой а лаьцна, цІера ваьлла хилла иза.
Выбор основного перевода