Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тоьшаллин тІорказна тІехь долчу шина каруб-маликана юккъехь, негІарна тІехула хьуна дуьхьал а вогІур ву, хьоьга вист а хир ву Со. Цигахь Исраилан халкъана дан дезарг тІедуьллур ду Ас хьоьгахула». Нах Шилуне а бахийтина, цигара массо а ницкъашна тІехь волчу Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тІорказ схьадаийтира. ТІорказан негІар тІехь Іаш дашо деза ши малик дара. Царна тІехула яра Везачу Элан меттиг. Цу тІорказна уллохь Іелин ши кІант вара, Хьапний, Пайнехьассий. Дауд а, цуьнца долу массо адам а ЯхІуд-махкарчу БаІала-гІала дахара, цигара Делан деза тІорказ схьадан. Цу тІорказца йоьзна цхьа леррина цІе ю: массо а ницкъийн Везачу Элан цІе. ТІорказан негІар тІехь дина дІахІоттийна дашо ши каруб-малик ду. Царна тІехула ю Везачу Элан меттиг. Даудан назма. Веза Эла сан Іу ву. Суна мел оьшуш дерг хир ду сан. Хазаллехь кхоччуш болчу Цийон-лома тІера Дела Шен нуьраца серлавуьйлу. Жа санна, дІадуьгура Ахьа Хьайн халкъ Мусан а, АхІаронан а куьйгаца. Везачу Эло паччахьалла до: дегадойла халкъаш! Иза каруб-маликашна тІехула йолчу Шен Іаршана тІехь хиъна Іаш ву: дегадойла латта!
Выбор основного перевода