Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Шен юьхь тІера серло шуна лепайойла, Иза шуьца къинхетаме а хуьлийла! Жоп лохьа суна, ва Веза Эла, дІахазахьа со, Веза Эла волу Хьо Дела хилар а, Ахь церан дегнаш Хьайна тІедерзош хилар а хІокху нахана хаийтархьама». Хьан лай волчу суна тІе Хьайн юьхь тІера серло лепийтахьа. Хьайн хедар боцучу безамца со кІелхьарваккхахьа. Ва Дела! Ахь дІатесна тхо, Ахь дохийна тхо. Хьо оьгІазвахана тхуна – хІинца юхаметтахІоттадехьа тхо! Хьайн оьгІазвахар а Ахьа дІадаьккхина, Хьайн къизачу дераллех а Хьо дІавирзина. Дерзадехьа тхо Хьайгахьа, Веза Эла, оха чІогІа доьху Хьоьга! Карла а дахий, дІахІиттадехьа тхан денош, Айхьа хьалха уьш дІахІиттош ма-хиллара.
Выбор основного перевода