Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Малхбузехьа йолчу агІор Эпрайман тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дІанислур бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду ІамихІудан кІанта Эли-ШамаІа. Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъа эзар пхи бІе шовзткъе итт тІемало ву (40500). Эпрайман тайпанна юххехь Маннашан тайпано шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду Падацуран кІанта Гамлиала. Цуьнан эскарехь вагарвинарг ткъе шийтта эзар ши бІе тІемало ву (32200). Эпрайман тайпанна юххехь Бен-Яманан тайпано а шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду ГидІонин кІанта Авданис. Цуьнан эскарехь вагарвинарг ткъе пхийтта эзар виъ бІе тІемало ву (35400). Эпрайман меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бІе бархІ эзар цхьа бІе тІемало ву, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина. Уьш дІабоьлхуш кхоалгІачу меттехь хир бу. Сан мотт а хир ма бу Хьан бакъдерг кхайкхадеш, муьлххачу а дийнахь Хьуна хастамаш а беш. Даудан тІаьхьенах волчу Ахьаз-паччахье хаам кхечира, арамхой эпраймхошца цхьаьнакхетта аьлла. И кхаъ хезча, паччахь а, цуьнан нах а кхерабелира, мохо ластийна хьуьнхара дитташ санна, бегийра уьш.
Выбор основного перевода