Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІушаІа паччахьалла до уьссалгІа шо долуш дІалецира Ашур-мехкан паччахьо Шамран-гІала. Исраилхой, Ашур-махка дІа а бигна, Хьалахь-гІалахь а, Газун-кІоштахь долчу Хьабур-хина йистехь а, Мадай-мехкан гІаланашкахь а баха охьаховшийра цо. ЦІадукъ-ЯхІус паччахьалла до уьссалгІа шо долуш, шеран уьтталгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь, Бавел-мехкан паччахь Набухди-Нецар, шен дерриг эскар а эцна, Ярушалаймана тІамца тІевахара. ГІалина уллохь меттамотт дІа а хІоттийна, ерриг а гІалина гонах гунаш дира цо, иза схьаяккха кечам бархьама. ДІатедехьа Ахьа Мисаран халкъ, эрзана юкъарчу экханах тераниг, эсий санна долчу халкъашна юкъахь стерчийн бажа санна долу, шен долахь долчу деших тамаш бийриг. Цара, кортош охьа а таІийна, Хьуна шайн дато гІорзанаш йохьийла. ДІасатийсахьа Ахь тІом безаш долу халкъаш. Цундела хьуьнхара лом царна тІе кхетар ду, аренгарчу барзо а уьш цоьстур бу, цІоькъаберг а церан гІаланашна уллохь кІелхуур ю, царах араваьлларг ватІорхьама, цара лелийна зуламаш совдовларна а, церан тешнабехк хилар доккха хиларна а».
Выбор основного перевода