Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахь иштта-м дойла ма яц! Хьан лаамехь боцурш байархьама, гІала а йохош, Хьан лаамехь верг хІаллаквийр ма вац Ахьа? Нагахь иза хилча, Хьан лаамехь болчарна а, боцучарна а юкъахь башхо ма яц – уьш массо а хІаллакьхуьлуш ма ву. Ахь иштта дийр дац! Дерриг а дуьненан Кхелахочо йийр яц нийсо?» Со бакъ хиларе хьаьжжина, Везачу Эло суна дика делла. Сан куьйгаш цІена хиларе терра, Цо суна кхаъ белла. Даудан назма. Веза Эла, бехказаваккхахьа, цІеначу новкъахула леларна, со. Цкъа а гал ца волуш, Хьох тешна лелаш ма вара со. Хьайн бакъ кхел ехьа Ахь суна тІехь, сан Веза Дела! Сох кхарда ма кхардийтахьа уьш. Далла хьалха, хІунда аьлча Иза вогІуш ву, дуьненна нийса кхел ярхьама. Цо дуьненна нийсонца кхел йийр ю, халкъашна а догцІеналлица кхел йийр ю.
Выбор основного перевода