Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Везачу Эло Шамъале элира: «Хьо цуьнан куьце а, цуьнан лекха хиларе а ма хьежа. Иза вац Аса хаьржинарг. Со адам санна ца хьожу стаге, хІунда аьлча адамаш стеган юьхье хьожу, ткъа Веза Эла цуьнан даге хьожу». Ткъа хьуна, сан кІант Сулим, вовзийла хьайн ден Дела. Хьайн доллучу синца а, доггах а Далла гІуллакх де, хІунда аьлча Везачу Элана хаьа хІораннан а даг чохь дерг а, цуьнан ойланаш а евза Цунна. Нагахь ахьа Веза Эла лахахь, Цо Ша каравойтур ву хьуна. Амма Шегахьара Хьо дІаверзахь, Везачу Эло гуттаренна а дІатосур ву хьо. Веза Эла, сох доллург талла а таллахьа, зен а зехьа. Сан кийрахь а, даг чохь а долчуьнга хьажахьа. qac Эqac*ххар а къалатийнарг шен зуламо вийна дІавоккхур ву. Делан лаамехь берш цабезнарш, хІаллакьхилла, дІабевр бу. Дуьнен чуьра дІабовлийла массо а къинош летийнарш, Іеса адамаш а ма хуьлийла кхин. Хастам бе, сан са, Везачу Элана! Везачу Элана бу хастам! Нийсонна тІехь чІагІйина хир ю хьо. Іазап дар хьуна генадер ду, хьо кхера оьшуш хІумма а дац. Къемат хьуна генадер ду, иза хьуна улло догІур дац. Массо а ницкъийн Веза Эла, Ахь нийсонца кхел йо, адамийн дегнаш а, хьекъал а зоь. Суна Ахьа царна бекхам беш ган лаьара, хІунда аьлча сан гІуллакх Аса Хьан кара дІаделла. Амма Веза Эла волу Со цуьнан даг чохь дерг хаа йиш йолуш ву, цуьнан тешар зен йиш йолуш а ву, цу нахана царна доггІург дІадалархьама». Массо а ницкъийн Веза Эла! Хьо бакъахьара леларш зуьйш ву, нехан даг чохь дерг Хьуна дика го. Айхьа царна бекхам беш гайтахьа суна, сан гІуллакх аса Хьан кара дІаделла дела. Цуьнан бераш а хІаллакдийр ду Ас. ТІаккха кхетар бу динан массо а тобанашкахь берш, шайн дегнаш а, ойланаш а зуьйш верг Со хиларх. Шуна хІоранна а, шун гІуллакхашка хьаьжжина, хьакъ дерг дІалур ду Ас.
Выбор основного перевода