Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
хьо билггал дика а, догцІена а велахь, Иза хьуна орцах ван хьелур вац, хьуна йогІу хІусам Цо тойийр ю. ГІаттахьа, Веза Эла! Ваккхахьа со кІелхьара, сан Дела! Ахь сан мостагІийн яххьаш йоха ма йо, зуламе гІуллакхаш дечеран цергаш ма оту. Сама а валий, суна гІоьнна дІахІоттахьа. Сан Дела, сан Хьалдолу Эла, суна дуьхьалбевллачарна хьалхā бехказаваккхахьа со. ГІаттахьа, Веза Эла, вижина хІунда Іа Хьо? Самавалахьа, гуттаренна а дІа ма тасахь тхо! ГІаттахьа, дуьненан Кхелахо, курачарна бекхам бехьа. «ХІинца Со гІоттур ву, – боху Везачу Эло. – ХІинца Со лекха а, веза а хилар гойтур ду Ас.
Выбор основного перевода