Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала бакъдерг гамдо те? Нуьцкъалчо нийсо гамйо те? Сан гІуллакхна тІехь Ахь нийсонца кхел яйтира. Бакъволу Кхелахо волу Хьо Хьайн Іарша тІе охьахиира. Стигалша Цуьнан нийсо кхайкхайо, хІунда аьлча Дела – Ша ву Кхелахо. Веза Эла массо а халкъана оьгІазвахана ву, церан эскаршна дуьхьалъяьккхина ю Цуьнан дералла. Цо уьш берриш а хІаллакбан билгалбехира, уьш байа дІабелира. Веза Эла – эмгаралла йолу Дела а, бекхамхо а ву. Бекхам бийриг а, дераллах вуьзнарг а ву Иза. Шена дуьхьалболчарна бекхам а бо Цо, мостагІашна дуьхьал моха а латтайо Цо.
Выбор основного перевода