Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ХІун пайда бу сох, со хІаллаквича? Хьуна хІун лур ду, со коша чу вижча? Сан докъо хастам бийр буй те Хьуна? Сох йисинчу чено Хьан бакъдерг кхайкхор дуй те? Беллачарна лерина ду ткъа Хьан тамашийна гІуллакхаш? Я белларш, хьала а гІевттина, Хьуна хастамаш беш хир бу? Хьан хедар боцучу безамах лаьцна коша чохь дуьйцуш хир ду ткъа? Я Хьан тешаме хиларх лаьцна талхаран меттехь дуьйцуш хир ду ткъа? Ахь дина тамашийначу гІуллакхех лаьцна боданечу меттехь хуур ду ткъа? Бицбеллачеран дуьненахь Хьан нийсонах лаьцна хуур ду ткъа? Беллачара Везачу Элана хастамаш бийр бац, Іожаллин тийналле боьссинчех цхьаммо а Цунна хастам бийр бац. ХІунда аьлча эхарто ца хаставо Хьо, Іожалло Хьуна хастам ца бо. Коша чу бирзинчеран дегайовхо яц Хьо царна тешаме хиларх.
Выбор основного перевода