Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Шен дераллица уьш чІогІа кхерийна, Цо, оьгІаз а вахана, цаьрга дІахьедийр ду: Веза Эла! Хьо дарвеллачохь суна тІех ма деттахьа. Хьо оьгІазвахханчохь суна таІзар ма дехьа. Нисвехьа со, Веза Эла, амма Хьайн нийсонца бен иза ма дехьа. ОьгІаз а вахана, суна таІзар ма дехьа, сох хІумма а воцург ца хилийтархьама. Делан кІентий долчу шуьга, шу иракарахІиттош, аьлла дешнаш диц-м ца делла шуна? «Сан кІант, Везачу Эло хьо нисварх ца вешаш ма хила, Цо хьайна дечу таІзарна гІайгІане а ма вожа. ХІунда аьлча Шена везаш верг, таІзар а деш, нисво Везачу Эло. Ша тІеоьцуш волчу кІантана етта а етта Цо».
Выбор основного перевода