Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со, хи санна, Іана вахана. Ерриг а даьІахкаш вовшахъевлла сан. Дог, балоз санна а хилла, кхерамна кийрахь дешна дІадаьлла сан. Ас элира: «Веза Эла! Сох къинхетам бехьа, со товехьа, хІунда аьлча Хьуна дуьхьал аса къа латийна». Веза Дела, Хьайн хедар боцучу безамца гечдехьа суна. Хьайн боккхачу къинхетамца дІадахахьа сан къинош. Сан дог доьхна, иза, буц санна, дакъаделла, со сайна кхача баа а вицло. Сан денош къайладолу ІиндагІ санна ду, со, буц санна, вакъавелла дІаваьлла. Наха иштта боху: «Дуьйло, вешан Везачу Элана тІедерза вай. ХІунда аьлча Цо вай лаза а дина – Цо вайна дарба а дийр ду. Цо йина вайна чевнаш – Цо уьш дІа а йоьхкур ю.
Выбор основного перевода