Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХьалагІатта, Дебира, хьалагІатта! Хьайн назма дІаала! ХьалагІатта, Аби-НуІаман кІант Баракх, шайна йийсар динарш схьалеца! Дауда левихойн баьччанашка омра дира, левихойн тайпанах илланчаш дІахІиттабе аьлла, мукъам балочу гІирсашца – мерз-пондаршца а, дечиг-пондаршца а, вовшахдеттачу негІаршца а – иштта айдинчу озаца а цаьрга иллеш алийтархьама. Цундела сан дог а сакъералуш ду, сан багара мотт а самукъадаьлла бу. Сан дегІ а кхерамехь дац. Сан сино, ца соцуш, хеставойла Хьо. Сан Веза Дела, ас хестор ву Хьо гуттара а. Къайлаха дІахІоттийначу гура чуьра со схьаваккхахьа, хІунда аьлча Хьо ю сан чІагІо. Хастамаш бе Цунна турбин озаца, хастамаш бе Цунна тайп-тайпанчу мерз-пондаршца.
Выбор основного перевода