Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан дог Хьох тешна ду, Дела, ас Хьуна иллеш эр ду, дерриг а сайн синца Хьуна хастам бийр бу. Самабала, мерз-пондар! ГІатта, Іад хьокху пондар! Малх самабоккхур бу ас! Халкъашна юкъахь, Веза Эла, Хьо ас хастор ву, Хьох лаьцна нахана хьалха иллеш эр ду. Стигала кхаччалц бу Хьан безам, мархаш тІе кхаччалц ду Хьан тешаме хилар. Стигалел лакха хьалаволийла Хьо, Дела, дерриг а лаьтта тІехь Хьан сийлалла лаьттийла! qac Оqac*рца доккхуш болчу вочу кхаьънех иза кхоьрур вац. Пайда эцарца Везачу Элах а тешаш, цуьнан дог чІагІлур ду.
Выбор основного перевода