Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан когаша иза бойнна тІе вуьгуш ву, бойнан машшаш тІехула иза воьдуш ву. Кхечунна ор доккхург ша оцу ор чу вужур ву. Шаьш даьккхинчу ор чу эгна халкъаш, кІело еш, шаьш тийсинчу бойнех тасабелла церан когаш. Бахьана а доцуш, ког лоцу бой къайлаха тесира суна цара. Цхьа а бахьана а доцуш, ор а даьккхира цара суна. qac Сqac*еттинарш гІиттабо Везачу Эло, ткъа гІорасиза бисинчарна гІо до Цо. Кхечунна ор доккхург цу ор чу ша вужур ву, ткъа цхьанна тІе боккха горга тІулг охьакарчийта гІертачунна и тІулг цунна шена тІекерчар бу. ДогцІена верг вочу некъаца туьлуьйтург цо-ша хІоттийначу гура чу оьккхур ву, ткъа ала хІума доцучу нахе диканиг кхочур ду. Кхечунна ор охкург ша цу чу вожа тарло. Ткъа шен йоцу керт йохош волчунна лаьхьано дІовш тоха тарло.
Выбор основного перевода