Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ларийша кІант, Иза оьгІаз ца вахийтархьама а, шаьш хІаллак ца дайтархьама а шайн новкъахь. Цуьнан оьгІазвахар цІеххьана чІагІлур ду. Декъала бу Цуьнга шаьш ларбойтурш массо а! Хьайн тІемийн ІиндагІехь хьулвехьа со, йоІбІаьрг санна, ларвехьа со Суна гІо а Хьоьгара ду, Хьан тІемийн ІиндагІехь со воккхавеш хир ву. Шен тІемашца дІахьулвина, Цо Іалашвийр ву хьо. Цуьнан тешаме хилар ду хьан турс а, дуьхьало а. ДІагІо, сан халкъ, хьайн хІусамаш чу а гІой, неІарш дІакъовла. Цхьана ханна къайладала, Делан оьгІазалла дІаяллалц.
Выбор основного перевода