Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло лакхенгара, Шен куьйгаш схьа а кховдийна, со кІоргачу хи чуьра схьаваьккхира. Веза Эла, сох къинхетам бар Ахьа цкъа а ца сацадо. Хьан безамо а, тешаме хиларо а саццаза ларвойла со, Хьайн серло схьаяийтахьа, Хьайн бакъдерг схьакховдадехьа. Цара со дІавуьгийла, цара со хьалавоккхийла Хьан безачу лома тІе, Хьо Іаш волчу цІийне. Къинхетам бехьа сох, Дела! МостагІаша эккхийна лелош ву со, хІора дийнахь тІелеташ, цара ницкъ бо суна. Сайн кІесаркІога чохь церан садеІар хаало суна хІора дийнахь. Сийлахьниг, дукха бу суна дуьхьалбевлларш!
Выбор основного перевода