Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Юха а верзий, Сан халкъан олахочуьнга Хьузакх-ЯхІуга ала: „Иштта боху хьо схьаваьллачу Даудан Дела волчу Везачу Эло: ‘Суна хьан доІа а хези, хьан бІаьрхиш а ги. Аса хьо товийр ву. КхоалгІачу дийнахь Везачу Элан цІийне гІур ву хьо. Веза Эла, сан доІа дІахазахьа, сан узарийн тергам бехьа. Сан бІаьрхишна дуьхьал жоп ца луш ма Іехьа. ХІунда аьлча со кхузахь Хьан хьаша санна ву, сан берриге а дай санна, со тІевеанарг а ву. Со новкъахула вогІуш велахь а, я вижина Іуьллуш велахь а, уллохь хуьлу Хьо суна. Со лела массо некъаш а девзаш ду Хьуна. Хьан бІаьргашна гуш ма вара со дуьнен чу а валале. Хьан тептар тІехь дІаяздина ду Ахь суна билгалдаьхна долу дерриг а сан дахаран денош, уьш цхьа а дола а далале. ТІаккха Везачу Эле ларамах буьзна болчара вовшашка олура, ткъа Везачу Элана, тидам бича, цара аьлларг хезира. Цунна хьалха дагалацаман тептар тІехь дІаязъеш яра Везачу Эле ларамах буьзначеран а, Цуьнан цІе лоручеран а цІераш.
Выбор основного перевода