Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахашан ялхоша цуьнга хаьттира: «Исраилан махкара паччахь-м вац иза? Халхарш дечу хенахь цунна лоькхуш-м яц те и эшарш: „Шаула эзарнаш байина, ткъа Дауда – итт эзарнаш“, – бохуш?» И дешнаш Даудан дагахь кхийтира. Цундела иза Гати-гІалин паччахьах Ахашах кхоьрура. Иза, паччахьна а, цуьнан ялхошна а хьалха ша хьераваьлла моттуьйтуш, волавелира. Цо неІарш тІехь яздора, шен можана тІехула шеташ охьаоьхуьйтура. ТІаккха Ахаша шен ялхошка элира: «Хьажал цуьнга. И стаг хьераваьлла ву. ХІунда валийна аша иза со волчу? Я сан хьерабевлларш кІезиг бу, суна хьалха дастама хІуманаш цуьнга леладайттал? Сан цІа чу-м вер ма хир вац иза?»
Выбор основного перевода