Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла соьца ма ву, со цхьана а хІуманах кхоьрур вац. ХІун дийр дара суна стага? Мисархой адамаш бен дац, уьш деланаш бац. Церан говраш дилха бен дац, уьш гІаларташ дац. Везачу Эло Шен куьг дІахьажийча, гІо доккхург тасалур ву, ткъа гІо тІелаьцнарг вужур ву. Уьш ший а хІаллакьхир ву. Бедар санна, нецано дІабуур бу уьш, тІаргІа санна, нІаьно дІакхоллур бу. Ткъа Сан нийсо гуттар а хир ю, Сан кІелхьардаккхар тІаьхьенашкара тІаьхьенашка кхочур ду». ХІунда аьлча Делан лаамехь болчаьргахьа ду Везачу Элан хьажар, церан доІанашка схьадиллина ду Цуьнан лергаш. Амма оьгІазе ю Везачу Элан юьхь Иза зуламхошка хьожучу хенахь». Цундела вай майрра боху: «Веза Эла ву сан гІоьнча, со хІуманах а кхоьрур вац. ХІун дийр дара суна стага?»
Выбор основного перевода