Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къинхетам бехьа сох, Дела, къинхетам бехьа, Хьох ю сан дегайовхо. Хьан тІома кІел лечкъар ву со, сайн бохамаш дІабовллалц. Цо, стигалара гІо а даийтина, со кІелхьарвоккхур ву, со лаца гІерташ берш юьхьІаьржачу хІиттор бу. Дала Шен безам а, бакъдерг а лур ду. Шаьш дарбеллачу хенахь мостагІаша вай дийна доллушехь дІакхоллур дара-кх. Эхарто дийна берш дІакхалларе терра, кошо могуш берш хІаллакбаре терра, вай дийна боллушехь дІакхоллур бу уьш.
Выбор основного перевода