Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан мостагІий дІабоьрзучу хенахь, Хьуна хьалха охьа а оьгий, хІаллакьхуьлу. Соьга вон деанчу дийнахь Хьайн юьхь сох къайла ма яккхахьа. Хьайн лерг соьга схьадерзадехьа, со Хьайга кхойкхучу дийнахь суна сихонца жоп лохьа. Веза Эла соьца ма ву, со цхьана а хІуманах кхоьрур вац. ХІун дийр дара суна стага? Шу Соьга кхойкхуш, доІанаш деш, Со волчу догІучу хенахь, Аса шуьга ладугІур ду. ХІун эр дара те оцу дерригенах лаьцна? Дела вайгахьа хилча, мила вер ву вайна дуьхьал?
Выбор основного перевода