Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Йокъано дешаш долчу лайн хи дІа-ма-худдара, иштта эхарто дІахуду къинош летийнарш. Эхарте кхочу Іесанаш а, Дела вицвеш долу дерриг къаьмнаш а. Дечиг-пондарш лакхарца хьо лакхаваккхар хІинца лахахь долчу эхарта чукхоьссина ду. Хьуна кІелахь а, мотт-гІайба хилла, нІаьний хир ду, хьуна тІехула а, юргІа хилла, нІаьний хир ду. Арабевлча, царна Суна дуьхьалбевллачу нехан декъий гур ду: уьш бууш болу нІаьна а лийр бац, уьш багош йолу цІе дІа а йойур яц. Массо а адамна дегаза хетар бу уьш». Цул тІаьхьа Веза Воккхачу Делан нехан карадоьрзур ду паччахьалла. Цара абаделлалц олалла а дийр ду“. Хенара Къано схьаваллалц. ТІаккха, Веза Воккхачу Дала кхел яр дІаделира Шен нехан кара. Цул тІаьхьа паччахьалла Делан нахе кхочу хан тІееара. Іесанаш аша хьоьшур бу, Ас бекхам бечу дийнахь шун когаш кІел уьш чан санна хир болу дела», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Ас олалла ло шуна, Сан Дас иза Суна ма-даллара. Сан Олалла долчохь дууш а, молуш а хир ду шу Сан стоьла тІехь. Исраилан халкъана юкъарчу шийтта тайпанна кхел а еш, шу паччахьийн гІанташна тІе охьаховшор ду Ас». Шуна хууш дац ткъа, Делан наха йийр юйла дуьненна а кхел? Нагахь шуьга дуьненна а кхел йойтур йолуш хилча, шайн кІезиг долчу гІуллакхашна кхел ян говзалла яц те шун? Толам а боккхуш, Сан гІуллакхаш чекхдовллалц кхочушдеш волчунна, Сан Дас Суна яларе терра, ‘кхечу къаьмнех болчарна тІехь олалла дан бакъо лур ю Ас. Цо аьчка гІожаца царна тІехь олалла дийр ду, кхийра пхьегІаш санна, отур а бу уьш’. Цунна лур бу Ас Іуьйренан седа. Толам а боккхуш, Сан гІуллакхаш чекхдовллалц кхочушдеш волчунна, Сан Дас Суна яларе терра, ‘кхечу къаьмнех болчарна тІехь олалла дан бакъо лур ю Ас. Цо аьчка гІожаца царна тІехь олалла дийр ду, кхийра пхьегІаш санна, отур а бу уьш’. Цунна лур бу Ас Іуьйренан седа.
Выбор основного перевода