Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьана дийнахь некъ баллал юкъ йолчу яьссачу аренга веара Эли-ЯхІу. Схьавеана, жолам-куллана кІел охьа а хиъна, шена валар а доьхуш, цо элира: «ХІинца тоьар дара-кх, Веза Эла. ДІаэцахьа сан са, хІунда аьлча со сайн дайл хІумма а тоьлуш вац». ХІунда аьлча Ахь эхартахь со вуьтур вац. Хьайна тешаме волчунна вахкавалар гойтур дац. Ахь валарх кІелхьарваьккхи со, сан когаш совцучуьра ларби, дахар лучу серлонгахь Далла хьалха со лелийта. Хьайн хьехарца дахарехь дІанисво Ахь со, цул тІаьхьа Хьайн сийлалле дІаоьцур ву Ахь со. Эхартан карара Аса уьш паргІатбохур буй те? Іожаллех Аса уьш кІелхьарбохур буй те? Іожалла, мичахь ду хьан уьнаш? Эхарт, мичахь бу хьан бохам? Айса динчунна Со дохковер вац!
Выбор основного перевода