Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь хІокху бертан тІедожораш а хезна, шен дагахь ша хастийна стаг: „Со синтем болуш хир ву, сайн деган лаамехь со лелашшехь“, – бохуш. Иштта хІаллакьхир ду дерриг а халкъ. Шен синан лаамех дозалла до Іесачо. Шена харц пайда лоьхучо Веза Эла дІа а тосу, Цунна сардам а буллу. Шен дагахь цо олу: «Со вухур вац. Цкъа а суна зуламе дерг тІедогІур дац». ТІаккха айса-сайга ала мегар ду: хьан хьал дуккха а шерашна тоьар долуш ду, са а даІа, даа а даа, мала а мала, самукъа а даккха“. Юха Іийсас дийцира: «Вехаш хилла цхьа хьалдолу стаг. Деза а, хаза а духар тІе а духий, хІора дийнахь той а хІоттадой, сакъоьруш хилла цо. Ткъа цуьнан кевнна йисттехь Іуьллуш, ЛаІзар цІе йолуш сагІадоьхург хилла, дерриг дегІ дІалаьцна даьІнаш а долуш. Хьолахочун стоьла тІера охьаэгна юьхкаш йиъна а, хІума яа лууш хилла цунна. ЖІаьлеша, тІе а догІий, цуьнан даьІнашна тІе мотт хьоькхуш хилла. Эххар а сагІадоьхург велла. Маликаша ИбрахІимна юххе, баьрччехь йолчу метте, дІаваьхьна иза. Хьолахо а велла, иза дІавоьллина. Жоьжахатин цІергахь Іазапехь воллуш, дІахьаьжначу хьолахочунна геннахь ИбрахІим а, цунна уллохь ЛаІзар а гина. Мохь а тухуш, дехар дина хьолахочо: „Ва сан да ИбрахІим! Къинхетам бехьа сох. ЛаІзар ваийтахьа, шен пІелг хи чу а Іоьттина, сан мотт шелбайта, хІокху цІергахь чІогІа холчохь ву-кх со!“ – аьлла. Амма ИбрахІима аьлла: „Сан кІант! Дагадаийта, хьо муха Іаш вара. Хьуна дерриг а диканиг кхаьчнера хьайн дахарехь, ткъа ЛаІзарна – дерриг вониг. ХІинца цунна кхузахь синтем хилла, ткъа хьо баланехь ву. Цул сов, хьуна а, тхуна а юкъахь чІогІа кІорга Іин даьккхина. Нагахь кхузара цхьанна хьуна тІеван лиъча а, иза дІавалур вац, цигара цхьа а кхуза сехьа а валалур вац“. ТІаккха аьлла хьолахочо: „Ас доьху хьоьга, ЛаІзар вахийтахьа сан ден хІусаме, сан пхи ваша ма ву. Цаьрга дІахоуьйтур дара цо кхузахь дерг, хІара Іазап хьега уьш кхуза ца кхачийта“. ИбрахІима аьлла цуьнга: „Церан Мусан а, кхечу пайхамарийн а деза йозанаш ду, цара яздинчуьнга ладогІа дезаш ма бу уьш!“ Хьолахочо жоп делла: „ХІан-хІа, дада ИбрахІим! Нагахь веллачех цхьаъ шайна тІевеача, лелийначунна дохко а бевлла, Далла тІебоьрзур бара уьш“. ТІаккха ИбрахІима аьлла цуьнга: „Нагахь Мусага а, кхечу пайхамаршка а ла ца догІахь, веллачуьра денвеллачух а уьш тешар бац“».
Выбор основного перевода