Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Билггал, адам гІаларт санна лела-кх. Эрна хІума а до цо, хьал а гулдо, ткъа иза хьанна кхочур ду цунна ца хаьа-кх. Бекхам бечу дийнахь хьоло гІо дийр дац, амма нийсоно Іожаллех кІелхьарвоккхур ву. Я хьекъалдолчух лаьцна дерг а, я сонта волчух лаьцна дерг а дехар дац абаденналц, кестта уьш берриш а бицбийр бу. Маржа яІ, хьекъалениг а дІакхелха, сонтаниг санна! Сан дог делира айса стигална кІел мел динчу халачу гІуллакхех, хІунда аьлча цу гІуллакхех хилларг сол тІаьхьа вуьсун волчунна кхочур ду-кх. Дала стагана хьал а, бахам а, шорто а яла тарло – цунна мел дезарг а дала тарло. Амма оцу муьрехь шен долчух марзо ца оьцуьйту цуьнга Дала, мелхо а, кхечо цунах пайда оьцу. Иза а кхетам тІе ца кхуьу хІума а ду, цул сов, иза чІогІа хала бала а бу.
Выбор основного перевода