Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела дуьнен чу вогІучу хенахь Дала леррина Къобалвинчо элира: «СагІанаш а, совгІаташ а ца дийзи Хьуна, амма Суна дегІ кечди Ахьа. Дийнаташ дагоран а, къинойх долу а сагІанаш ца тайна Хьуна. ТІаккха Ас элира: „Хьажахьа, со кийча ву, товрат-хьехамийн тептар тІехь суна лерина яздина ду. Хьан лаам кхочушбан вогІу Со, Дела“». Шамъала цунна жоп делира: «Ахьа доккхуш долу сагІа а, дагош долу бежанаш а деза хета те Везачу Элана, хьо Ша бохург а деш дІахІоттарал? Цуьнга ладугІуш хилар сагІа даккхарал а деза ду, ткъа Цунна муьтІахь хилар уьстагІан махьаран даьттанал а дезах ду, Ас сагІа доккхур дара Хьуна, амма Хьуна ца деза иза. Хьайна лерина дийнаташ дагорна а Хьо реза вац. Хьалдолчу Эло Сан лергаш схьадиллина, ткъа Со аьрха а вацара, я Со юха а ца велира. Шу тешаме хилар деза ду Суна, аша Сан дуьхьа дохучу сагІанел. Шуна Дела вовзийла лаьа Суна, Сан дуьхьа дийнаташ дагоран сагІанел. Даха а гІой, хьажа Делан Йозанашкахь яздинчуьнга: „Суна шун вовшашца къинхетамалла хилар деза ду, аша Сан дуьхьа дохучу сагІанел“. Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга бен».
Выбор основного перевода