Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Деланийн Дела ву Веза Эла, Деланийн Дела ву, Цунна хаьа, Исраилан халкъана а хаьийла! Нагахь тхо, дуьхьал а девлла, Везачу Элах дІадоьрзуш делахь, кху дийнахь Цо кхел йойла тхуна! Лоьман бага вахарх кІелхьарваккхахьа со, акхачу бугІанан маІех ларвехьа со. Ахь суна жоп ма делла! Боккхачу гуламехь Хьуна лерина хастамаш бо аса. Цунах кхоьруш болчарна хьалха сайн ваІданаш кхочушдийр ду аса. Хьан хедар боцучу безамах лаьцна, Веза Эла, ас даим а назманаш бохур ю, Хьан тешаме хиларх лаьцна массо а тІаьхьенашкахь Аса сайн багахула дІахоуьйтур ду. qac Бqac*агахула Ахь мел тІедиллина хІума сайн балдашца Аса кхайкха а до. Дикачу стага шен даг чуьра диканиг долуьйту, ткъа вочу стага шен кийрара вониг бен ца долуьйту. ХІунда аьлча товрат-хьехамаш Муса-пайхамарехула белла бара, ткъа Делера долу бакъдерг а, дика а Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула деана ду. Дела цхьанна а, цкъа а гина вац. Ткъа Шен Деца волчу, цхьаъ бен воцучу КІанта беана Делах болу кхаъ, Иза вайна вовза а вовзуьйтуш. Шек а ца волуш, нахана юкъахь, арахь а, цІенош чу воьдуш а, шуна пайденна болу хьехам бина ас. хІунда аьлча, шеко а йоцуш, хІумма а лечкъа а ца деш, ас шуна Делан лаам кхайкхийна. Суна эхь ца хета хаза кхаъ дІакхайкхо, хІунда аьлча и кхаъ Делан ницкъ бу Іийсах мел тешарг кІелхьарваккха – хьалха жуьгтий, тІаьхьа кхечу къаьмнех болу нах а. Оцу хазачу кхоо гойту, адамаш Дала бакъ муха до. И бакъдар, юьххьера дуьйна чаккхенга кхаччалц, тешарехула ду. Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Делах тешарца бакъвинарг Далла уллохь вехар ву».
Выбор основного перевода