Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ва Дела, со кІелхьарваккха сихо ехьа. Веза Эла, суна гІоьнна тІеван сихлохьа. Сан синан хІаллакьхилар лоьхурш эхь доьссина а, сийсазбаьхна а хуьлийла! Суна зулам хила луурш, юьхьІаьржачу а хІиттийна, юхаберзабойла! Со емал а веш, соьга: «Жолам-яІ!» – бохурш, шаьш юьхьІаьржачу хІиттарна, боьхна хьийзийла. Хьо лоьхуш берш массо а Хьо бахьанехь хазахетта а, самукъадаьлла а хуьлийла! Шаьш Ахь кІелхьардахар дезаш болчара саццаза: «Сийлахь ву Дела!» – олийла. Со-м къен а, миска а ву. Дела, суна тІе кхача сихлохьа! Хьо ву суна гІо дийриг а, со паргІатвоккхург а. Веза Эла, хье ма лохьа! Ткъа Хьо, Веза Эла, генахь ма хилахьа суна. Хьоьгара бу сан ницкъ, гІоьнна волахьа суна. Суна гІо дан сихлохьа, Веза Эла волу, сан КІелхьарвоккхург!
Выбор основного перевода