Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан коьртал а лакхадевлла аса летийна къинош, суна тІехь ма ду уьш, беза мохь санна. Дог а дегадо сан. Сан ницкъо а вити со. БІаьргийн серло а яц ур-атталла хІинца сан. Ца веза бахьана доцуш, со ца везарш сан коьртарчу месел а дукха бу. Харц бахьанашца сан мостагІий нуьцкъала бу, ткъа уьш со хІаллакван гІерташ бу. Аса шайгара къола деш яьккхина йоцург, шайна схьало бохуш, цара со хьийзаво. Сан дегІ а, сан дог а ца мегачу даьллехь а, Дела – сан деган чІагІо а ю, абаденналц сан дакъа а ду. Іожаллин машшех со тасавелла, эхартан къемат суна уллодаьлла, сингаттамо а, сахьийзаро а со охьатаІийна.
Выбор основного перевода