Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
qac Зqac*уламаш сан Хьайна дага ма даийтахьа. Къоналлин къиношна гечдехьа сан. Хьайн хедар боцучу безаме хьаьжжина, со дагаваийтахьа, Веза Эла, Хьо дика волу дела. qac Лqac*еррина Цуьнан барт а, бакъонаш а ларъеш болчарна Везачу Элан дерриг а некъаш безаме а, тешаме а ду. Везачу Эле цхьа хІума доьхура аса, изза бен ца лоьху аса. Иза ду, со вехаш мел ву, Везачу Элан цІа чохь со Іен лаар, Цуьнан хазалле хьежархьама а, Цуьнан цІа чохь Цунах дагавалархьама а. Со холчу хІоьттинчу дийнахь Цо Шен четар кІел дІахьулвийр ма ву со. Ша Іачу метте дІалачкъор ма ву со, Цо тарха тІе а воккхур ма ву со. ТІаккха сан корта суна го бинчу мостагІашна тІехь хьалаайабелла хир бу. Иза Іаш волчу меттехь аса, аз а айдеш, массо а тайпана сагІанаш дохур ду, Везачу Элана хьалха аса иллеш а, хастаме назманаш а эр ду.
Выбор основного перевода