Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ва Веза Эла! Лелавехьа со Хьайн бакъболчу новкъахула, дуьхьалбевлла мостагІий сан болу дела. Нисбехьа Хьайна тІебоьду сан некъ. Везачу Эло белла хьехам билггала нийса бу, цо синан чІагІо йо. Везачу Эло дІадиллинарг а тешаме ма ду, Цо хьекъална кІоргге волчунна а хьекъалалла ло. Суна чхар санна Хьо хиларна, суна гІап санна Хьо хиларна, Хьайн цІеран дуьхьа со лела а вехьа, суна тІехь урхалла а дехьа. Нийсо Цунна хьалхаяьлла лелар ю, цо Везачу Элана некъ кечбийр бу. Хьайн цІеран дуьхьа, Веза Эла, сан дахар кхоадехьа. Айхьа нийсо лелорна, баланах хьалхардаккхахьа сан са. Хьажал, Хьалдолу Эла ницкъаца вогІуш ву, Цуьнан куьг ду урхалла деш. Цуьнан совгІат а Цуьнца ду, Цуьнан ял а Цунна хьалха йогІуш ю. Амма и хІума Ас Сайн цІеран дуьхьа дира, Сайн цІе уьш юкъахь Іийначу халкъашна хьалха ца йожийта, Ас уьш Мисар-махкара арабохучу хенахь дІадовзийтинчу халкъашна юкъахь Сайн цІе ца йожийта.
Выбор основного перевода