Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бодано а, Іожаллин ІиндагІо а юхадохийла иза. Марха со винчу денна тІе хІуттийла. Іаьржалло оцу дийнан серло кхерайойла. Даудан назма. Веза Эла – сан серло а ю, сан кІелхьарвалар а ду. Со хьанах кхоьрур ву? Веза Эла – сан дахаран дІалечкъийла ю. Со хьан Іадор ву? Веза Эла соьца ма ву, со цхьана а хІуманах кхоьрур вац. ХІун дийр дара суна стага? Нагахь со баланехь хилахь а, Ахь денвийр ву со. Сан мостагІийн дераллина Хьайн куьг а тІехьур ду Ахь. Хьан аьтту куьйго кІелхьар а воккхур ву со. Дага хІуманаш леца, амма уьш нислур дац. Дош ала, амма иза кхочушдийр дац, хІунда аьлча тхоьца Дела ву! Хьо хийх дехьадолучу хенахь, Со хьоьца хир ву. Хьо Іоврех дехьадолучу хенахь, хиша хьо дІакхоьхьур дац. ЦІерах хьо дехьадолуш, цо хьо дагор дац, цІеран алунаша хьуна зе дийр дац. Хьайн халкъ, дежийлашна юкъахь йолчу хьуьнхахь шаьш дехаш долу Хьан тІаьхьенан уьстагІий, Хьайн коьжалгаца дажадехьа. Дежийла уьш, ширачу заманахь санна, Башанехь а, ГалІадехь а! ХІун эр дара те оцу дерригенах лаьцна? Дела вайгахьа хилча, мила вер ву вайна дуьхьал?
Выбор основного перевода