Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
qac Мqac*а кхоьруш лела деза шу Везачу Элах, Цуьнан долахь долу адамаш, хІунда аьлча Цунах кхоьруш вехачун массо а хІуманан тоам хир бу. qac Нqac*аггахь ур-атталла лоьман кІорнеш а, яа хІума йоцуш, мацаллехь хуьлу, ткъа Веза Эла лоьхург, Цуьнан диканах тоам боцуш вуьсур вац. Исраилан халкъан Іу, ладогІахьа! Юсупан тІаьхье, жа санна, дІадуьгуш верг, каруб-маликашна тІехула йолчу Іаршана тІехь хиъна Іаш верг, Хьуо гайтахьа Цо Іалашдийр ду Шен жа, Іуьно санна. Іахарий караоьцур ду Цо, уьш Шен дага уллохь лелор ду. Узуш дерш а лерина Іалашдийр ду Цо. Аса цунна тІехь дола дийр долу Іуй дІахІиттор бу. ТІаккха уьш, кхера а ца кхоьруш, къемат а доцуш, лелар бу, царах цхьа а вийна хир вац», – боху Везачу Эло. Хьалдолчу Эло боху: «Ас-Айса Сайн уьстагІий схьа а лохур ду, Со цаьрга хьожур а ву. Шен дІасадаржийна долчу уьстагІашка Іу ма-хьажжара, хьожур ву Со цаьрга. Ас уьш паргІатдохур ду Іаьржачу кхоьлинчу дийнахь уьш дІасадаржийна хиллачу меттигашкара. Ас царна тІе цхьа Іу хІоттор ву, Сайн ялхо волу Дауд. Цо уьш дажор ду, иза церан Іу хир ву. Со дика Іу ву. Дикачу Іуьно шен са а дІало шен уьстагІийн дуьхьа. Ткъа йолах волу Іу, и уьстагІий шен долахь ца хиларе терра, борз йогІуш шена гича, жа а дуьтий, дІаводу. Еанчу барзо и уьстагІий хІаллак а до, уьш дІай-схьай а даржадо. Сан Дала Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула Шен долчу сийлахьчу хьолаца шуна мел оьшург лур ду. Шен цІийца гуттар а болу барт чІагІбина волу вайн Веза Эла Іийса, уьстагІийн сийлахь Іу, веллачуьра денвинчу, синтем болчу Дала, Цхьана хенахь, тиладелла уьстагІий санна, лелла шу, ткъа хІинца шу шайн синойн Іуьнна а, шаьш Іалашдечунна а тІе юхадаьхкина. ТІаккха, коьрта Іу веача, телхар доцу сийлаллин таж лур ду шуна.
Выбор основного перевода