Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауд Махьанайме схьакхаьчча, Іамминхойн Рабба-гІалара волчу вахархочун Нахьашан кІанта Шобас а, Ладебарара вахархочун Іамиалан кІанта Макира а, РогІлаймарчу галІадхочо Барзалайс а цхьаболу мотт-гІайба а беара, цхьадолу боганаш а деара, иштта кхийра пхьегІаш а еара. Цара иштта кІа а, мукх а, дама а, кхерзинчу ялтин буьртигаш а, кхоьш а, хьозийн кхоьш а, моз а, даьтта а, уьстагІий а, аттера яьккхинчу шуьрех йина йолу кІалд а еара Даудана а, цуьнца хиллачарна а яа. Цара бохура: «Адам яьссачу аренгахь гІел а делла, мац а делла, хьаг а делла». Суна кхочу дакъа а, сан хинболу кхоллам а, Веза Эла, Хьо ву. Сан бала беза кхаж а Хьан карахь бу. Мел дукха ду-кх Хьоьгара долу дика, Хьоьга ларамах буьзначарна дала Ахьа кечдина долу. Хьоьга шаьш лардойтуш долчу массо а адамашна хьалха дІало Ахь иза! Нийсо а езаш, харцо ца еза хьуна, цундела Дала къобалвина хьо, хьан Дала хьан накъосташна чул а хьуна алссам хазахетар делла. Далла дуьхьал къамелаш а деш, цара бохура: «Яьссачу аренгахь кхача кечлур буй те Деле? Ткъа со Ахьа, бугІа санна, ницкъ болуш вина, суна керла зайтдаьтта а хьаькхна. qac Цqac*у суьрте хьоьжуш волу Іесаниг оьгІазгІур ву, шен цергаш а хьекхош, иза къайлавер ма ву. Іесачеран лаамаш хІаллакьхир бу. Дийнатна урс а хьаькхна, чагІар а доьттина, цо пхьор охьахІоттийра. Массо а ницкъийн Везачу Эло Цийон-лам тІехь массо а халкъан той хІоттор ду. Цу тойнехь жижиг а, чагІар а хир ду. Жижиг токхе хир ду, ткъа чагІар шира а, цІена а хир ду. Ахь Сан коьртах ур-атталла дораха зайтдаьтта а ца хьаькхира, ткъа цо Сан когаш тІе деза, хаза хьожа йогІу даьтта дуьтту.
Выбор основного перевода