Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суна хууш ду со Бехказавоккхург дийна вуйла а, Иза тІаьххьара а лаьтта тІехь дІахІуттур вуйла а. Сан дог а дузуш, Ахь суна делла ирс церан чул дукха ма ду, кІа а, чагІар а церан шортта делахь а. Сан сино, ца соцуш, хеставойла Хьо. Сан Веза Дела, ас хестор ву Хьо гуттара а. Сулиман назма. Ва Дела! Паччахьна Ахьа йийриг санна кхел ян Іамадехьа, ткъа паччахьалла дечунна Хьайн нийсо лохьа. Хьан адамашна тІехь нийса паччахьалла дойла Цо, ур-атталла гІело хьоьгучу Хьан нахана тІехь бакъдолу олалла дойла Цо. Лаьмнаша адамашна беркат дохьийла, гунаша царна нийсо йохьийла. Халкъана юкъара гІело хьоьгучарна цо нийсонца кхел а йойтийла, мискачун кІентий цо кІелхьар а бохийла, амма ницкъ бийраш цо дІа а совцабойла. Нах Хьуна хьалха ларамах буьзна хуьлийла, малх а, бутт а мел лаьтта, тІаьхьенашкара тІаьхьенашка. Иза хуьлийла, буц хьаькхначу бай тІе догІу догІа санна, лаьттана тІуналла луш долу догІанан тІадамаш санна. Цуьнан заманахь нийсо лаьттийла, бутт дІабаллалц беркат хуьлийла. ХІорда тІера хІорда тІе кхаччалц, Эпрат-хина тІера лаьттан йисте кхаччалц цо паччахьалла дийр ду. Яьссачу аренашкара бахархой цунна хьалха охьаоьгур бу, цуьнан мостагІаша а лаьттана меттанаш хьоькхур ду. Таршашан а, хІордаца дозуш долчу мехкийн а паччахьаша цунна йолана хІума яхьар ю. Шеба-мехкан а, Себа-мехкан а паччахьаша а цунна совгІаташ дахьар ду. Массо а паччахьаш цунна хьалха охьатеІар бу. Массо а халкъаша цунна хьалхара гІуллакх дийр ду. ХІунда аьлча орца доккхуш волу мисканиг цо паргІатвоккхур ву, гІо лаца цхьа а воцу гІело хьоьгург а кІелхьарвоккхур ву. Иза гІийлачуьнца а, пекъарца а къинхетаме хир ву, цо мискачеран синош кІелхьардохур ду. ГІело ярх а, ницкъ барх а цо церан синош лардийр ду, цунна церан цІий деза хетар ду. Паччахь дукха вехийла! Шеба-махкара деши цунна лойла. Массо а хенахь цунна тІера доІанаш дойла. Дийнахь сарралц иза декъал а войла. Лаьттахь кІа шорта хуьлийла. Лаьмнийн лакхенашкахь иза дІасалестийла. Цуьнан стоьмаш, Ливанунехь санна, дукха хуьлийла. ГІалара адамаш, аренгара буц санна, дебийла. Абаденналц цуьнан цІе йиц ма лойла. Дуьненахь малх мел кхета иза цІеяхана хуьлийла. Цуьнан цІарах халкъаша вовшийн декъалдойла. Царна массарна а иза декъалвина хетийла. Хастам бу Везачу Далла, Исраилан халкъан Далла! Веккъа Иза ву тамашийна гІуллакхаш кхуллург. Цуьнан сийлаллин цІарна абаденналц хастам бойла. Цуьнан сийлаллех дерриг дуьне а дузийла. Амин! Амин! Юшайн кІентан Даудан доІанаш чекхдевли. ХІетте а, Хьан белларш денлур бу, Хьан халкъан декъий гІовттур ду! Ченахь мел Іохкуш берш, гІовттий, хазахетарца мохь хьекха! Іуьйренан Хьан тхи – иза денлуш долу тхи ду, Ахь иза лаьттахь болчу беллачарна тІе дожадо».
Выбор основного перевода