Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауда олура Цунах лаьцна: „Суна гуттар а гора Веза Эла сайна хьалха. Иза суна аьтту агІор ву, со воха ца вохийта. Цундела сан дог а сакъералуш ду, сан багара мотт а самукъадаьлла бу. Сан дегІ а ду сатуьйсийлах дуьзна. ХІунда аьлча Ахь эхартахь со вуьтур вац. Хьайна тешаме волчунна вахкавалар гойтур дац. Ахьа бакъдолчу дахаран некъ суна гайтина, Хьуна уллохь хиларна хазахетарх со вузор ву Ахь“. Ва Дела! Сан доІа хазахьа, сан багара дешнашка ладогІахьа. Иза цхьаъ ю сан тарх а, сан кІелхьарвалар а. Иза ю сан гІап, со кхин меттахвер вац. Амма гуттара а Хьоьца ву со. Ахь аьтту куьйга дІалоцу со. ХІунда аьлча Иза гІийлачарна аьтту агІор тІехІутту, царна кхел йиначеран карара уьш кІелхьарбахархьама.
Выбор основного перевода