Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шена дуьхьал Шаул зуламе долу хІума лело воллий хиъча, Дауда динан да волчу Абу-ЯтІарига элира: «Схьая и ийпад». Цул тІаьхьа Дауда элира: «Исраилан халкъан Веза Дела! Хьан лена хезна, Шаул, КъаІила-гІала а веана, со бахьана долуш и гІала хІаллакьян гІерта аьлла. КъаІила-гІаларчу бахархоша со Шаулан кара дІалур вуй теша? ВогІур вуй теша кхуза Шаул, Хьан лай волчунна ма-хаззара? Исраилан халкъан Веза Дела! Жоп лохьа Хьан лай волчунна». Везачу Эло жоп делира: «ВогІур ву». Дауда хаттар дира: «КъаІила-гІаларчу бахархоша со а, соьца болу нах а Шаулан кара дІалур буй?» Везачу Эло элира: «ДІалур бу». Ткъа пІелаштамхой, схьа а баьхкина, Репайм олучу тогІи чохь охьахевшира. Дауда Везачу Эле хаьттира: «Со пІелаштамхошна дуьхьал вала мегий? Ахьа уьш сан кара схьалур буй те?» Везачу Эло жоп делира: «Мега. Аса пІелаштамхой хьан кара дІалур бу». Хьайн хьехарца дахарехь дІанисво Ахь со, цул тІаьхьа Хьайн сийлалле дІаоьцур ву Ахь со. Буьйсанна сайн иллеш дагаоьху суна, ойла а еш, сан сино хоьтту:
Выбор основного перевода