Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан Дела! Ва сан Дела! Со хІунда вити Ахьа? Ас чІогІа орца даьккхинехь а, сан кІелхьарвалар генахь ду суна. Дийнахь кхойкху со Хьоьга, сан Дела, Ахьа суна жоп-м ца ло. Буьйсанна а кхойкху со, амма сан синтем бац. Ткъа Хьо Везаниг ву, Хьан Іарш Исраилан хастамаш тІехь лаьтташ ю. Хьох тешаш хилла тхан дай. Уьш, теша а тешна, Ахьа кІелхьарбохура. Хьоьга кхойкхура цара – уьш кІелхьара а бовлура. Уьш Хьох тешара, цундела юьхьІаьржачу а ца хІуьттура. Ткъа со-м, адам а доцуш, нІаьна санна ву. Адамийн дог долу сох, халкъана дегаза хета со. Со гуш болу берриш а кхаьрда сох. Цара, кортош а лестош, кхиссарш йо: «Везачу Элах тешна ма вара иза – Цо иза кІелхьарваккха веза-кх. Везачу Эло иза паргІатвоккхийла, Ша цунна реза велахь». Ткъа со ненан кийрара схьаваьккхина Ахьа. Сайн ненан некхера дуьйна со маьршавоккхура Ахьа. Со дуьнен чу ваьллачу хенахь дуьйна Хьуна дІавелла вара со. Сайн ненан кийрахь со хиллачу хенахь дуьйна Хьо Дела ву сан. Суна гена ма валахь, хІунда аьлча тІебогІу бала гергахь бу, ткъа гІодийриг вац сан. Алссам йолчу старгІанаша го бина суна. Башанерачу стерчаша го лаьцна сан. Ижунах а хьаьгна, гІам-гІим дечу лоьмо санна, суна тІе шайн баганаш гІаттийна цара. Со, хи санна, Іана вахана. Ерриг а даьІахкаш вовшахъевлла сан. Дог, балоз санна а хилла, кхерамна кийрахь дешна дІадаьлла сан. Сан ницкъ, шовда санна, лекъна, дегІера дІабаьлла, сан багара мотт а къамкъаргах дІалетта. Со Іожаллин чене дІавуьллу Ахь. ЖІаьлех тарбеллачу наха го бина суна, буьрсачу арданго го лаьцна сан. Цара цергаш чекхъяьхна сан куьйгех а, когех а. Ерриге а даьІахкаш ягаръялур ю сан. Нах, суна тІе а хьоьжуш, боьлу сох. Цара вовшашлахь йоькъу сан тІеюху хІуманаш, кхаж а тосу цара, сан коч хьанна кхочу хьожуш. адам гуттаренна дехаш хилийтархьама а, вахкавалар гар цуьнан ца хилийтархьама а Эхартан олаллех паргІатдоккхур ду сан са, Дала билггал кІелхьарвоккхур ву со. «Хьан хІун гІуллакх ду тхоьца Назартара Іийса? Тхо хІаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву – Делан Везаниг!» Малико жоп делла: «Хьуна тІе Делан Са дуьссур ду, Веза Воккхачун ницкъо дІахьулйийр ю хьо, цундела хьан хиндолу бер Деза хир ду, Цунах Везачу Делан КІант а эр ду. ХІунда аьлча Ахь эхартахь со вуьтур вац. Хьайна тешаме волчунна вахкавалар гойтур дац. Кхечу меттехь яздина ду: „Ахьа Хьайна тешаме Волчунна вахкавалар гойтур дац“.
Выбор основного перевода