Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло АхІароне элира: «Церан долчух цхьа а тайпа лаьттан дакъа а хир дац хьан, цигахь латта а хир дац хьан долахь. Лаьттан декъан метта Со хир ву хьан, исраилхошна юкъара хьан дакъа хир ду Со. Сан мостагІашна а гуш, суна хьалха кхача биллина Ахь. Сан коьртах даьтта хьаькхна Ахь. Сан кад а тІех буьзна бу. Сан дегІ а, сан дог а ца мегачу даьллехь а, Дела – сан деган чІагІо а ю, абаденналц сан дакъа а ду. qac Иqac* сан дакъа Хьо ма ду, Веза Эла. Аса чІагІо йина Хьан дешнаш лардан. Іесачу наха суьпачу нехан лаьтта тІехь куьйгалла дар даим дуьсур дац, суьпачу нахе шайн куьйгаш зулам дарна тІе ца кховдадайтархьама. qac Зqac*ийна долчу сан сино боху: «Веза Эла сан дакъа ду, цундела Цунах а тешна со Іийр ву!»
Выбор основного перевода