Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен садеІарца Дала ша бойту, тІаккха хийн шералла чІагІйина дІахІутту. Церан догІанех Цо къора хилийтира, массо а лаьттахула ткъес тохийтира. Иза вистхуьллушехь, дарц тІехьоду, яккхий тулгІенаш ловза а юьйлуьйтуш. Шен омра лаьтта тІе хьажадо Цо, Цуьнан дош цига сиха доьду. ЮргІа санна, ло охьадуьллу Цо, чим санна, йис дІасакхуьссу. ЖагІа санна йолу къора туху Цо. Цуьнан шелонна дуьхьал мила латталур ву? Цо Шен дош дахийтича, дерриг а дешна дІадер ду. Цо мох тоьхча, хиш дІадуьйлалур ду.
Выбор основного перевода