Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ва Веза Эла! Тхан Хьалдолу Эла! Ма сийлахь ю Хьан цІе дерриге а лаьтта тІехь! Стигалшкахь дІахІоьттина ду Хьан сий! Веза Эла массо а къаьмнел лекха лаьтташ ву, Цуьнан сийлалла стигалел лекха хьалаяьлла ю. Вовшашка кхойкхуш, бохура цара: «Веза ву, веза ву, веза ву массо а ницкъийн Веза Эла! Дерриг а латта Цуьнан сийлаллех дуьзна ду!» Цу дийнахь аша эр ду: «Хаставе Веза Эла, деха Цуьнга, халкъашна Цуьнан гІуллакхех лаций дийца, Цуьнан цІе сийлахь хилар дагадаийта массарна а.
Выбор основного перевода