Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала элира: «Хи юккъехула а доькъуш, дуькъа хІаваъ хуьлийла». Иштта хилла дІахІоьттира: Дала дуькъачу хІавааца хи шина декъе дийкъира. Цхьа дакъа хІаваана тІехула хуьлуш, важа дакъа бухахь дуьсуш. Везачу Элан дашца кхоллаелла стигалш, Цо Шен Синан Іаь тохарца кхоьллина стигалара массо а ницкъаш а. Дерриге а латта а кхоьрийла Везачу Элах, инзардовлийла Цунна хьалхā дуьнен чохь мел дехарш. Баркалла ала хьекъалца стигалш Кхоьллинчунна – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. Сан куьйгаша кхоьллина латта, Сан аьтту куьйго дІасаяржийна стигалш. Ас латта а, стигал а тІекхайкхича, уьш Суна хьалха хІуьттур ду. Шен нуьцкъалаллица Цо дуьне кхоьллина, Шен хьекъалаллица иза чІагІдина, Шен хьекъалца лаьтта тІехула стигалш яржийна. Шен нуьцкъалаллица Цо дуьне кхоьллина, Шен хьекъалаллица иза чІагІдина, Шен хьекъалца лаьтта тІехула стигалш яржийна.
Выбор основного перевода