Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха Дала элира: «Хуьлийла хи чохь дуккха а, массо а тайпана садолу хІуманаш. ХІаваэхь тІема довлийла дуккха а тайп-тайпана олхазарш а». Иштта кхоьллира Дала Іаламат хІордан дийнаташ а, массо а тайпана хи чохь йолу садолу хІуманаш: яккхий а, кегий а. ХІаваэхь тІема девлира дуккха а массо а тайпана олхазарш. Дела, хьаьжча, Ша кхоьллинчунна реза хилира. Юха Дала элира: «Хуьлийла лаьтта тІехь массо а тайпана садолу хІуманаш а, даьхни а, текхаргаш а, лаьттан акхарой а, шайн-шайн тайпанашца». Иштта хилла дІахІоьттира. Тайп-тайпана акхарой а, даьхни а, лаьттан текхаргаш а, ерриге тайпанашца кхоллаелира. Хьаьжча, Далла иза а хазахийтира.
Выбор основного перевода