Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан кечйо хьаргІанна юург, цуьнан кІорнеш Деле кхойкхуш, юург ца карош лелачу хенахь?» Цара массара а Ахьа шен-шен хенахь шайна кхача баларе сатуьйсу. Ахьа царна кхача белча, цара иза дІаоьцу, Ахьа Хьайн куьг делча, уьш дикачух Іеба. Баркалла ала муьлххачу а садолчу хІуманна кхача Лучунна – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. Хьовсал стигаларчу олхазаршка! Цара хІумма дІа а ца йоь, хьакха а ца хьокху, ялташ чу а ца дерзадо. Амма стигалахь волчу шун Дас уьш кхобу. Шун дахар олхазарийнчул а дораха ду теша? ДІахьовсал къийгашка: я дуьйш яц, я хьокхуш яц, церан сайранаш а, я ялта чудерзо меттиг а яц, амма Дала кхобу уьш. Ткъа шу оцу олхазарел мел мехала ду!
Выбор основного перевода