Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
qac Цqac*о Ша дог доьхначарна уллохь гойту. Дог диллина Іаш берш а Везачу Эло кІелхьарбоху. Доьхна са – иза Далла луш долу сагІа ду. Дохкодаьлла а, муьтІахь долу а дог Ахь дІатоттур дац, Дела. Беттан серло малхан серло санна хир ю, ткъа малхан серло ворхІазза сов сирла хир ю, цхьана денна чохь йолу ворхІ дийнан серло санна. И дерриг а хир ду Везачу Эло, Шен халкъана йина чов дІа а йихкина, Ша цунна динчу лазарна дарба дечу хенахь. ХІунда аьлча иштта боху Лекхачо а, Лакхаваьккхинчо а, абаденналц Вехаш Волчо а – Везаниг ю Цуьнан цІе: «Со лекхачу а, езачу а меттехь Іаш ву. Дог доьхнарш а, синца муьтІахь берш а бу Соьца. Ас синца муьтІахь болчеран са метта а далор ду, дог доьхначеран дог метта а далор ду. Хьалдолчу Элан Са дагца ду Сан, хІунда аьлча Везачу Эло Со къобалвина мискачарна хаза кхаъ кхайкхо. Цо хьажийна Со дог доьхначарна дарба дан, йийсархошна паргІатдовлар кхайкхо, тутмакхаш набахтера арабаха, «Везачу Элан Са дагца ду сан, хІунда аьлча Цо со къобалвина мискачарна хаза кхаъ кхайкхо. Цо со хаам бан ваийтина: чубоьхкинарш паргІат а бохур бу, бІаьрзечарна серло а лур ю. Со ваийтина ву Іазапехь берш мукъабаха,
Выбор основного перевода