Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауда левихойн баьччанашка омра дира, левихойн тайпанах илланчаш дІахІиттабе аьлла, мукъам балочу гІирсашца – мерз-пондаршца а, дечиг-пондаршца а, вовшахдеттачу негІаршца а – иштта айдинчу озаца а цаьрга иллеш алийтархьама. Хастам бе Везачу Элана, дечиг-пондар локхуш, ала Цунна иллеш итт мерз болу пондарца. Схьадуьйла, Везачу Элана хастам бер вай, вайн кІелхьардовларан Тархе даккхийдерца кхойкхур вай. Хастамаш барца Цунна хьалха хІуьттур вай, даккхийдерца эшаршкахь Цуьнга кхойкхур вай. Назманашна а, эшаршна а, динан иллешна а тІера эцна долчу дешнашца вовшашка дистхила. Везачу Элана лерина назманаш а ала, эшарш а лекха, шайн дегнаш чохь Цунна хастамаш а беш.
Выбор основного перевода